Дега безам (Любовь сердца)
Мехкарийн оьздалла нахана еза,
Дикачу йоӀана кӀант хуьлу реза
Вайшинан дегнаш безамае цӀаргахь
Цхьаъ хилла догуш ду
Хьо воцуш яхар суна ца деза
Дийца йиш елар мел чӀогӀа веза
Ахь серла даьккхина къона дахар
Даггара веза хьо
Безам, ахь дуьне къагадо
Везаш, хьан ойла еш ю со
Суна, тешалахь хьо ца хилчи
Яхар дуьнен чохь оьшуш дац
Хьо ца хилчи со хир яц.
Ахь дагар дуьйцуш хьозанаш дека,
Шерашкахь хьежа хьоьга ю реза
ХӀун де ас дагна хьоьга цо кхойкху
Хьо вогӀу ларво цо.
Хьан цӀенан даг чохь вайн безам беха
Корехь со лаьтта ларвеш хьо вехха,
Вайн кхоллам ирсе хиларах тешаш
Денош дӀаоьху сан.
Безам, ахь дуьне къагадо
Везаш, хьан ойла еш ю со
Суна, тешалахь хьо ца хилчи
Яхар дуьнен чохь оьшуш дац.
Ас сайн деган догӀа дӀаделла
Хьо бен ца веза сайн дош делла
Ишта цӀена безам кхиош
Еха хьан цӀе сайн даг чохь язош,
Хьо ца хилчи со хир яц.
Безам, ахь дуьне къагадо
Везаш, хьан ойла еш ю со
Суна, тешалахь хьо ца хилчи
Яхар дуьнен чохь оьшуш дац
Хьо ца хилчи со хир яц.
Дега безам (Любовь сердца) 专辑歌曲
歌曲 | 歌手 | 专辑 |
---|---|---|
Дега безам (Любовь сердца) | Сати Казанова | Дега безам (Любовь сердца) |